государственный
университет
им. А.А. Кадырова
Бексултанов Муса Эльмурзаевич, Нохчийн республикан а, Россин а яздархойн вовшахкхетараллин декъашхо а ву.
Карара шо нохчийн маттана лерина хиларна т1е а тоьвжина, А. А. Кадыровн ц1арах йолу Нохчийн пачхьалкхан университетан ИМФИТ-а, вайн мотт ларбарна а, вайн къоман культура а, г1иллакхаш а диц ца далитарна лерина, 2-чу курсан (математика) куратора, Гацаева Раиса Саид-Ахметовнас, кечам бина кураторски сахьт лерина дара: «Бексултанов Мусан кхоллараллехь йолу нохчийн меттан хазалла а, к1оргалла а».
И вовшахкхетар д1адолош, маршалла хаттарца, кхайкхинчу хьеше, Бексултанов Мусага а, массо гулбеллачаьрга а, йистхилира Гацаева Раиса Саид- Ахметовна.
Цу кураторан сахьтехь, Бесултанов Муса чулацаме къамел дира: цо билгалдаьккхира шен ненан мотт хаа безаш хилар, мотт шарбан а, шорбан а нохчийн яздархойн кхоллараллаш йеша езаш хилар а. Иштта, цо жоьпаш делира студентийн хаттаршна а.
2- чу курсан (математика) студенташа вуно чулацаме а, дика а программа кечйинера: хаарш къовсуш викторина, блиц- хеттарш, нохчийн меттан хаарш толлуш, клип, этно- исбаьхьаллин кечам, нохчийн поэтийн байташ дагахь еша, иштта студенташа дийцаре дира Бексултанов Мусан цхьацца дийцарш а.
Цхьанакхетар дерзош, баркаллин дешнашца Бексултанов Мусага йистхилира Камила Багаудиновна Дахкильгова, институтан директор, цо д1а хаийтира, хьехархой а, студенташ а, юха и варе сатесна хирг хилар. Иштта, баркаллин дош элира Камила Багаудиновнас, х1ара кураторски сахьт кечдина йолчу кураторна, Гацаева Раиса Саид-Ахметовнина. Дахкильгова Камила Багаудиновнас баркаллин кехаташца билгалбехира 2 курсан студенташ и кечам беш жигара дакъа лаьцна болу.
Дахкильгова Камила Багаудиновнас -директор ИМФИТ, Халиев Магомед Саид-Усмановича - ИМФИТ директоран г1оьнчас, Муцалов Саид-Ахьмада Имрановича - юридически факультетан деканан г1оьнчас, билгалдаьккхира, х1ара санна цхьанакхетарш оьшуш хилар а, пайде хилар а. Цара ч1ог1а мехале лерира, нохчийн мотт кхиорехь Муса Бексултановн а, кхин болчу нохчийн яздархойн а, исбаьхьаллин кхолларалла йовзар т1ехь массо хенахь къа хьегар. Вайн мотт безар а, бийцар а, кхиор а, вайн массеран а декхар ду.