государственный
университет
им. А.А. Кадырова
Сайн а, Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан университетан белхалойн а, студентийн а цIарах даггара декъалво Нохчийн меттан Денца Нохчийн Республикин Мехк-Да, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, иштта дерриге нохчийн къам а!
Нохчийн мотт ларбарехь а, кхиорехь а уггар коьрта меттиг дIалоцуш ву вайн Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.
«Нохчийн меттан Де» а цуьнан омарца билгалдаьккхина ду вайн Республикехь, иштта ткъа шо сов хан йу Ахьмад-Хьаьжин Рамзана нохчийн къам, мотт ларбаре а, кхиоре, бийцаре, къаьсттана берашка бийцийтаре а кхойкху. Вайн дайша бIе шераш хьалха дуьйна ларбеш схьабеана болчу тIекхуьучу чкъуре схьакхойвдинчу маттаца бен къоман кхане а хирйац. Нохчийн Республикин Дуьххьарлерчу Президента, Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) даима билгалдоккхура, шен мотт безар а, ларар а – адамоша ларар а, шен къам ларар а хилар. Иштта Цо гуттар а олуш дара вайн ненан мотт бицбахь, вайн къам дуьззана къам хилла дIахIуттур дац. Цундела тахана Iаламат боккха болх бу нохчийн мотт кхиорехь а, ларбарехь а беш, цунна сагатлуш а, доглозуш а, цу тIехь къахьега лууш болу кегийрхой декъехь а болуш. Вайн Мехк-Ден а, нохчийн маттатIехь къахьоьгуш мел волчун а къинхьегам эрна цахуьлуш, нохчийн мотт де-дийне даларца кхуьуш, тIекхуьучу чкъурана марзлуш, цуьнца йолу шовкъ сов йуьйлуш, дебийла вайн мотт а, вайн къам а!
Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, нохчийн къам, цуьнан мотт, мохк, гIиллакх-оьздангалла а лардеш, цу тIехь массаьрга а само йойтуш схьавогIуш волу Дала диканца бекхам бойла Хьуна!
Дала аьтто бойла Хьан массо а хIуман тIехь!
Тхуна доккха дозалла а, йуьхькIам а бу Хьуна уллехь, Хьоьца цхьаьна нохчийн къоман кхане ирсе хилийта къахьега тхайн аьтто хилар.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден гIоьнча,
Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин цIарахйолчу
Нохчийн Пачхьалкхан университетан ректор
Саидов Асланбекан Заурбек.