государственный
университет
им. А.А. Кадырова
Вайна ма хаара къам кхечу къомах къастош, цу къоман 1ер- дахаран кеп, г1иллакхийн башхалла гойтучу г1ирсех уггара коьртаниг-ненан мотт бу. Вайн ненан мотт- поэташа дукха безаш, дукха ларамца лелина бу, ша цун сий деш волчо, х1инца а лелош бу. Вайн меттана хазалла а, дозалла а гойтуш, вайн къоман поэтийн , студенташа шай дагна уллера байташ йийцаран хьокъехь д|аяхара байтина суьйре. Ахмадов Мусас байт юьйцуш видеоца д|аерзийра суьйре. Мотт бу- къам ду, мотт бац- къам дац! И мотт вайна хилийта, вайн къам дисийта дуккха къахьегна вайна поэташа, писательша, прозаикаша, цундела тахана вайн х|оранне т|ехь ду вайн мотт бийцар, безар, ларар а!