Top.Mail.Ru
20.12.2023 в 15:43

Поэташца цьанакхетар

Тахана Нохчийн пачхьалкан Кадыров Ахьмад-Хьажи Абдулхамидовичан ц1ерах йолчу Университетан лоьраллин колледжан хьехархочо Ильясова Маликас 1-чу курсан студенташца нохчийн меттан сийлалла айарна т1ехьажийна  д1адаьхьира поэташца цьанакхетар. Дакъа лоцуш кхайкхина яра г1арайаьлла поэтесса Саламбиева Яхита. Цо студенташна дийцира шен кхоллараллех лаьцна ;йовзийтира нохчийн маттах,г1иллакхах,оьздангаллах лаьцна байташ. Шайн рог1ехь студенташа а дийцира нохчийн кьоман кицанаш а, аларш а. Довзийтира фольклорах лаьцна хаарш,меттан говзалла.

Гулбеллачара нохчийн меттан кхиар г1елдаларх лаьцна чулацаме кьамел а дира.


family

hotline

raiting